Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
хІунда аьлча Цунна хууш ду цара леладо гІуллакхаш. Буьйсанна царна тІехь толам а боккхий, уьш дІахьоьшу Цо. Комаьрша волчунна кхин а алссам хІума тІедогІу, амма сутара хиларо къоьлла тІеялайо. Дагахь хІума доцуш, цхьаъ бен ялхо воцуш волу стаг тоьлу, нахана ша чІогІа хьал долуш ву а моттуьйтуш, даа хІума доцуш волчу стагал. Амма Дала элира цуьнга: „Сонта стаг! Тховса буса хьан дахар хедар ду. Хьанна дуьсур ду ахь хьайна кечдинарг?“ – аьлла. Дела волчохь хазна а ца гулъеш, шена хьал вовшахтухучунна хІоранна а изза хир ду». Шайн бахамаш дІа а бухкуш, мискачарна сагІа ло. Лелийча тишлур доцу бохчанаш кечде шайна, лахлур йоцу хазна гулъе стигалахь: цигахь цунна тІе къу а кхочур вац, нецано иза юур а яц. Тхуна халахетарш до, ткъа тхо гуттара а самукъане ду. Тхо къен ду, амма дуккха а болчарна хьал ло оха. Тхан хІумма а яц, амма массо а хІуманан дай ду тхо.
Выбор основного перевода