Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ас элира: Сайн маттаца къинош ца леторхьама, со лелачу сайн некъийн тергам бийр бу аса. Іесанаш сайна хьалха мел бу, сайн бат дІасацор ю аса. Сонтачу стеган мотт – цуьнан дакъазавалар бу, цо мел олург – цунна хІоттийна гур бу. Дахар а, Іожалла а стеган маттах доьзна ду. Цундела вистхила дезаш верг аьллачун тІаьхье тІелаца а кийча хила веза. Хьекъал дерг шен хаарш гучудаха ца гІерта, ткъа сонтачо шен сонталла гучуйоккху. хІунда аьлча вай массара а къинош дукха летадо. Дашаца цкъа а къа ца латош верг кхачаме стаг ву, цуьнга шен дерриг дегІан дола дало. Делан Йозанашкахь ма-аллара: «Хаза денош а гуш, ирсе ваха лууш волчо вочу дешнех шен мотт а ларбе, харц долчух шен бага а ларъе.
Выбор основного перевода