Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТаІзар дарца нисве хьайн кІант, цо цунах пайда эцаре сатийса йиш хилча. Ахь иза нис ца вахь, цуьнан Іожаллина бехке хир ву хьо. Шен даг чуьра дуьйна бер сонта хІума дан кийча ду, амма таІзаран серо цунна тІера дІалоллур ду иза. Бер таІзар ца деш ма диталахь, цунна иза догІучохь. ГІаж еттарца цунна таІзар дарх бер лийр дац. ГІожо а, нисваро а хьекъалалла ло, амма дІатесна дитина бер ненан юьхьІаьржо ю. ТаІзар дарца нисве хьайн кІант, тІаккха цо хьо марша Іойтур ву. Хьан даг чохь сакъерар хуьлуьйтур ду цо.
Выбор основного перевода