Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Сан са лоьмашна юкъахь ду. Цергех гоьмукъаш а, пхерчий а дина, маттех ира тарраш а дина, Іачу адамийн кІенташна юкъахь Іуьллу со. Харцдерг дуьйцу церан меттанаша. Тарраш санна, ду уьш. «Хьанна хезар ду тхо?» – боху цара. Цара шайн меттанаш, тарраш санна, ирдо, ткъа шайн дешнаш, дІаьвше пхерчий санна, тІекхуьссу. Шен бага сацо хууш волчо шен са лардо, ткъа, ойла а ца еш, луьйш волчу стагана тІе зулам догІур ду.
Выбор основного перевода