Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цо стагана цуьнан гІуллакхашка хьаьжжина ло доггІург, хІоранна а леларна хьакъ дерг дІало Цо. безам а, Хьалдолу Эла, Хьан бу. Ша-ша динчу гІуллакхашка хьаьжжина, Хьо хІоранна а доггІург дІалуш ву. Шен баганца аьллачуьнгахула стага пайда оьцу, ткъа мекара стаг къизалла ярх хьоьгу. Адамо аьллачух цуьнан шен са дузу. Шен дешнашкахула мел хилийтинчух Іебар ву иза. Делан лаамехь волчуьнга цуьнца дика хир ву ала, хІунда аьлча ша динчу дикачу гІуллакхех пайда оьцур бу цо. Ткъа Іесачун къа ду, хІунда аьлча ша динчу вочу гІуллакхашна бекхам хир бу цунна. Адамийн КІант шен Ден сийлаллица, гонах маликаш а долуш, схьавеача, Цо стагана хьакъ дІалур ду, хІораммо а динчуьнга хьаьжжина.
Выбор основного перевода