Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьайн хьекъалаллех тешна ма Іе, Везачу Эле ларамах вуьзна а хила, зулам дарх лар а ло. Шена бечу тІехбеттаме ладугІуш верг дахаран новкъахь ву, амма ша нис ца войтург тилавелла лела. Стагана нийса хеташ болу некъ хила мега, амма иза тІаьххьара а Іожалле кхочу. Стагана ша массо а хІуманна тІехь нийса хета, амма цуьнан деган Іалашонийн барам Везачу Эло бусту. Сонта стаг хІуманех кхета лууш ца хуьлу – шен хьекъал дІагайта бен лууш вац иза. Парушхочо, дІа а хІоьттина, доІа деш хилла: „Дела! Хастам бу Хьуна, талорхой, харцончаш, нахаца леларш я хІара ял гулъеш верг санна со ца хиларна.
Выбор основного перевода