Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нохьин ялх бІе шо а кхаьчна, шолгІачу беттан вуьрхІитталгІачу дийнахь дІаделладелла массо а лаьтта бухара хиш. Оццу дийнахь, стигалш дІасаекъа а елла, лаьтта тІе доккха догІа деара. Нохьа-пайхамаран заманахь санна хир ду Адамийн КІант схьавогІуш. Нохьа-пайхамаро шен кема дечу хенахь, Дела цуьнга собаре хьоьжуш а волуш, Делан лаамера девлла, Цуьнга ла ца доьгІна синош дара уьш. Дукха синош кІелхьара ца дехира хи чуьра цу кемана чохь, верриг а бархІ стаг бен. Хьалха заманахьлера Іеса адам хІаллакдина Дала, тІе хи а далийтина. Делахь а Далла хьалха нийса хиларх лаьцна болу хьехам бинчу Нохьин доьзалера бархІ са кІелхьардаьккхина Цо. Делан лаамца цу хенахьлера дуьне, хи а хьадийтина, хІаллакдина.
Выбор основного перевода