Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Амма Аса Делан Синца уьш дІалахкахь, иза тоьшалла ду шуна Делан Олалла шу долчу кхаьчна хилар. ЛадугІучарна Іийсас цхьа хьекъале хІума дийцира. Иза Ярушалаймана уллохь волу дела, халкъана моттаделира Делан Олалла хІинццехь гучудаьлла хир ду. Іийсас жоп делира цуьнга: «Баккъалла а боху Ас хьоьга, адам юха шолгІа ца кхолладелча, хаалур дац цунна Делан Олалла». Іийсас жоп делира: «Сан Пачхьалкх кху дуьненара яц. Нагахь Сан Пачхьалкх кху дуьненара елахьара, Сан ялхой, Со динан куьйгалхойн кара ца вахийта, Сан дуьхьа летар бара. Ткъа хІинца Сан пачхьалкх кхузара яц». Хала баланаш а, кхалхар а лайра Цо. Юха, ден а велла, цу векалшна тІевеара Іийса, царна Ша гойтуш. Цо дукхазза а Ша денвалар билгал бакъ хилар гойтуш долу тоьшаллаш делира. Іийсас, кхин а шовзткъа дийнахь царна хьалха а хІуттуш, Делан Олаллех лаьцна дуьйцура. Мурдаша, гул а белла, хаьттира Іийсага: «Эла, Ахьа Исраилан пачхьалкх юха меттахІоттайо хан тІе ца кхаьчна?» – аьлла. ХІунда аьлча Делан Олалла даарца а, маларца а доьзна дац. Делан Сино луш долчу Делан лаамехь хиларца а, синпаргІатонца а, хазахетарца а доьзна ду иза. ХІунда аьлча Делан Олалла хазачу дешнех доьзна дац, амма ницкъах доьзна ду.
Выбор основного перевода