Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Нагахь цхьаннан дегІа тІехь кхераме чкъуран цамгар хила йиш йолу дестар я хьаьтт, я томмагІа хилахь, иза динан дена АхІаронна я динан да волчу цуьнан кІентех цхьанна тІе вало веза. ткъа цу тІехь долу и томмагІа баьццарчу я цІечу басахь хилахь, иза кхерамечу доІан томмагІа ду ала мегар ду. Иза динан дена гайта деза. «Чкъуран кхераме цамгар йолу стаг товелча хиларх долу тІедиллинарг иштта ду. Стаг Далла хьалха цІанван везачу хенахь иза динан дена тІевалор ву, «ХІокху хІуманах лаьцна цхьаьнгге ма дийцалахь. Ваха а гІой, хьо динан дега а гайтий, тІаккха Далла лерина сагІина хІума ло, Муса-пайхамаро вайна тІе-ма-диллара. Хьо товаларан тоьшаллина хир ду иза нахана хьалха». «Варелахь, хиллачух лаьцна цхьаьнгге а ма дийцалахь. Ткъа хІинца ваха а гІой, хьо динан дега а гайтий, Муса-пайхамаро тІе-ма-диллара, Далла лерина сагІанаш даха. Хьо товаларан тоьшаллина хир ду иза нахана хьалха». ДІакховдийна, цунах дІа а Іоьттина, Іийсас элира: «Суна лаьа хьо товала! ЦІанло!» Оцу сохьта цу стеган дегІ цІанделира.
Выбор основного перевода