Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Со лоьхур ву аша, амма карор вац шуна Со, ткъа Со хир волчу метте шу дахкалур дац». ТІаккха динан куьйгалхоша вовшашка элира: «Вайна карор а воцучу, стенга ваха воллу те Иза? Вайн махкара дІа а бахана, грекахойн меттигашкахь Іаш болчу нахана тІеваха-м ца воллу те Иза? Цигарчу нахана хьехам бан лаьий те Цунна? ХІун маьІна ду те Цо аьллачу дешнийн: „Со лоьхур ву аша, амма карор вац шуна, ткъа Со волчу метте шу дахкалур дац“?» Бакъдерг боху Ас хьоьга, хьо къона волчу хенахь, айхьа-хьайн юкъ йоьхкий, хьайна луъучу метте воьдура хьо. Ткъа хьо къанвелча, хьайн куьйгаш дІа а кховдийна, кхечуьнга хьайн юкъ йоьхкуьйтур ю ахьа, хьуна ца луъучу а вуьгур ву хьо». Иштта элира Іийсас Кипе, цо мухачу Іожаллица Дела вазвийр ву дІахоуьйтуш. ТІаккха и аьлла, Іийсас кхин а тІетуьйхира: «Суна тІаьхьахІотта хьо». Вайн Везачу Эло, Дала леррина къобалвинчу Іийсас сайга схьа-ма-хаийттара, хаьа суна кестта сайн са дегІах къаста дезаш хилар.
Выбор основного перевода