Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Шен мурдаш болчу тІе а веана, Іийсас цаьрга элира: «Шу хІинца а, наб еш, садоІуш ду? ЛадогІа Соьга: Адамийн КІант къинош летийначеран каравоьду хан тІекхаьчна. КхозлагІа а тІевеана, элира Цо цаьрга: «Шу хІинца а наб еш, садоІуш ду? Тоьар ду, тІедеана и сахьт. Адамийн КІант къинош летийначеран каравоьду хан тІекхаьчна. Іийса схьалацархьама лийхира наха, амма цхьанна а стага Цунна тІе куьг ца кховдийра, хІунда аьлча Цуьнан хан хІинца а тІе ца кхаьчнера. Иштта къамел деш вара Іийса Делан цІийнан кертахь хазнина уллохь, Ша хьехамаш бечу хенахь. Цхьаммо а схьа ца лецира Иза, хІунда аьлча Цуьнан хан хІинца а тІекхаьчна яцара. Іийсас, жоп луш, элира цу шинга: «ТІекхаьчна Адамийн КІентан сийлалла дІагойту сахьт. Шен доттагІашна хьалхара шен са а дІадаллал болчу безамал сов безам цхьанна а хир бац. Дех схьа а ваьлла, дуьнен чу веанера Со, ткъа хІинца, юха а хІара дуьне дитина, Дена тІевоьду Со». И дешнаш а аьлла, Шен бІаьргаш стигала хьала а хьажийна, Іийсас элира: «Дада! ТІедеана и сахьт. Гайтахьа Хьайн КІентан сийлалла, Цуьнга а Хьайн сийлалла гайтийта. Бакъдерг аьлча хІинца вехаш верг со вац, ткъа Дала леррина Къобалвинарг соьгахула вехаш ву. Со дилха долуш вехаш хиларан бахьана ду, со веза а везна, Ша сан дуьхьа дІавелла волчу Делан КІантах тешаш со вехаш хилар. Амма Іийсас вайн дуьхьа Шен са дІадалар бахьанехь, бевзина вайна безам. Вай а кийча хила деза вешан динан вежарийн дуьхьа са дІадала.
Выбор основного перевода