«Мурд устазал лахара а вац, ткъа ялхо шен олахочул лакхара а вац.
Мурд шен устазал лакхара вац. Дешна ваьлча, дІанислур ву иза шен устазе.
Дагахь латтаделаш Аса шайга аьлла дош: „Ялхо шен олахочул лакхара вац“. Нагахь Соьга халонаш хьегийтинехь, шуьга а хьоьгуьйтур ю. Нагахь Сан дош нийсса кхочушдеш хиллехь, шун дош а кхочушдийр ду.