Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
И хІума шайна хезча, хьоронхо волу Санбулат а, Іамминхойн мехкада волу ТІуби-ЯхІу а чІогІа реза воцуш хьаьвзира. Царна ца дезаделира исраилхойх дог лозуш волу стаг ваьлла хилар. Амма хьоронхо волу Санбулат а, Іамминхойн мехкада волу ТІуби-ЯхІу а, Іаьрбихо волу ГІишам а, шайна и хІума дІахезча, оха лелочух цабашарца буьйлуш бара. Цара бохура: «ХІун ду аша лелориг? Шу паччахьна дуьхьалдовла гІерташ ду?» Динан коьрта да волчу Элишуба а, динан дай болчу цуьнан гергарчара а, хьала а гІевттина, УьстагІийн ков юхаметтахІоттийра. Цара, и ков Далла лерина хилийта къобал а дина, цуьнан неІарш дІахІиттийра. Цу динан дайша Ярушалайман пен дІахІоттийра Меа цІе йолчу бІаьвнна тІера Хьананиал цІе йолчу бІаьвнна тІе кхаччалц. Цул тІаьхьа цу гІалин пенан дакъа Далла лерина хилийта къобалдира. ХІасинаан кІенташа ЧІерийн ков юхаметтахІоттийра. Ханнаш шайн метте охьа а дехкина, кевнан неІарш кІажаш тІе а ехкина, царна догІанаш а, гІораш а дехкира цара. Санбулат, ТІуби-ЯхІу, Іаьрбихой, Іамминхой, ашдодхой чІогІа оьгІазбахара Ярушалаймехь гулбелла болчу нахана, гІалина гонахара болу пен то а беш, цу пенах даьхна долу Іуьргаш дІа а дукъуш, уьш болх беш бу аьлла шайна дІахезча. Аса цаьрга, чІогІа бехк а боккхуш, элира: «ГІалин пенна уллохь буьйсанаш стенна йоху аша? Кхин и санна дерг шуьгара далахь, аса шу ницкъаца дІадохур ду». Цул тІаьхьа уьш кхин ца богІура шоьтан дийнахь йохкаэцар лело. ЯхІу-ЯдаІ динан коьрта да волчу Элишубан кІант вара. Ткъа ЯхІу-ЯдаІан цхьа кІант хьоронхо волчу Санбулатан нуц вара. Иза аса Ярушалайм-гІалара эккхийна дІавахийтира.
Выбор основного перевода