Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нагахь, шайна хуьлучу цамгарца доьзна, зуда дегІах цІий дІакъаьсташ елахь, ворхІ дийнахь иза цІена хир яц. Муьлхха а цунах дІахьакхавелларг сарралц цІена хир вац. Нагахь цІий догІучу хенахь цу зудчуьнца майра дІавижахь, иза ворхІ дийнахь цІена хир вац. И тІевижна муьлхха а мотт цІена хир бац. Нагахь зудчун цІий дІаэхар, баттахь хуьлу цІена цахиларан хенахь а доцуш, кхечу деношкахь хилахь, я гуттар а хуьлучу хенал сов дахлахь, дерриг а цу деношкахь иза цІена хир яц, баттахь хуьлучу цІена цахиларан хенахь санна.
Выбор основного перевода