Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
И стаг тІевуьжуш болу муьлхха а мотт а, иза тІехиъна йолу муьлхха хІума а боьха хир ю. Иза дІавуьжучу маттах дІахьакхавелларг, шен бедарш а йиттина, хица лийча веза. Сарралц цІена хир вац иза. Нагахь дегІах тІуналла схьайолуш волу стаг тІехиъначу хІуманна тІе цхьаъ хаахь, шен бедарш а йиттина, лийча веза иза. Сарралц цІена хир вац иштта стаг. ТІуналла схьайолучун дегІах хьакхавелларг, шен бедарш а йиттина, лийча веза. Сарралц цІена хир вац иза. ДегІах тІуналла схьайолучо цхьанна тІе шат тохахь, бехвинарг, шен бедарш а йиттина, лийча веза. Сарралц цІена хир вац иза. ДегІах тІуналла схьайолуш верг тІехь лелаш йолу муьлхха а нуьйр цІена яц. Цу стагана бухахь хиллачу хІуманах дІахьакхавелларг сарралц цІена хир вац. И хІума карахь дІаяьхьнарг а, шен бедарш а йиттина, лийча веза. Сарралц цІена хир вац иза. Цу хІуманех дІахьакхавелларг цІена хир вац, шен бедарш а йиттина, лийча веза иза. Сарралц цІена хир вац иза.
Выбор основного перевода