Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Иштта цІена боцурш – божарий я зударий уьш белахь а – меттаматтана юьстах арабаха, Со шуна юкъахь Іаш волу шайн меттамотт цаьрга бех ца байтархьама». Докъах хьакха а велла, цІано яран Іадат кхочуш а ца деш, Везачу Элан четарна юххе ваханчу муьлххачо а иза бехдийр ду. Цу тайпана волу стаг Исраилан халкъана юкъара дІаэккхо веза. ЦІандаран хин цинцаш оцу стагана тІе ца тоьхна дела, иза Далла хьалха цІена хир вац, цуьнан цІена цахилар цунна тІехь дуьсур ду. Ткъа нагахь Далла хьалха бехвеллачу стага ша иштта цІан ца вайтахь, и стаг Исраилан халкъана юкъара дІаэккхо веза, Дела Іаш волу меттиг цо бехйина дела. ЦІанваларан хин цинцаш цунна тІе ца тохарна, иза Далла хьалха цІена вац. Иштта дийна волчу Сайх чІагІо йо Хьалдолу Эла волчу Аса, шайн боьхачу цІушца а, шаьш мел лелийначу дегазчу гІуллакхашца а аша Сан еза Меттиг сийсазъяккхарна, Аса Сайх дІахадор ду шу. Со шуьга къинхетам боцуш хьожур ву, шу кхоа а ца деш. Суна дуьхьал а бовлуш, кхин а иштта хІуманаш дора цара: оццу хенахь цара Сан еза меттиг бех а йора, Суна лерина шоьтан денош сийсаз а дохура. Цара Іамо деза Сан халкъана дезаниг деза доцучух къасто а, иштта Суна хьалха цІенаниг боьхачух схьакъасто а. Шуна ца хаьа ткъа, шух хІорра а Делан цІа хилар а, Делан Са шуна чохь дехаш хилар а? Нагахь цхьаммо Делан цІа хІаллакдахь, Дала иза хІаллаквийр ву, хІунда аьлча Делан цІа Цуьнан долахь бен дац. Ткъа и Делан цІа шу шаьш ду.
Выбор основного перевода