Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Шамшонна тІе Везачу Элан Са доьссира, тІаккха цо и лом, буьхьиг санна, этІийна, цистина, дІадаьккхира. Цо шен дега а, нене а цунах лаьцна хІумма а ца элира. Цуьнга ницкъ боуьйтуш, Везачу Элан Са доьссира Шамшонна тІе. Цо, Ашкхилун цІе йолчу гІала а вахана, цигахь ткъе итт пІелаштамхо а вийна, царна тІера кучамаш а, кхийолу бедарш а, схьа а яьхна, хІетал-метал хиъначарна дІаелира. Цул тІаьхьа, чІогІа оьгІаз а вахана, иза шен ден цІа вахара. Шен цІа чохь цхьаболу божарий дІа а лачкъийна, цо элира: «Шамшон! ПІелаштамхой бу хьуна тІебогІуш!» Цо, тохавелла, зІенарш хадийра, яьгначу бехчалган теш санна. Цундела пІелаштамхошна цуьнан ницкъ стенца боьзна бу ца хиира. И хІума цунна дІа-ма-дийццинехь, Делан Са Шаулна тІе Шен ницкъаца охьадоьссира. Шаул чІогІа оьгІазвахара.
Выбор основного перевода