Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
К Филиппийцам
1 2 3 4
Параллельные места
qac Цqac*Іеначу даггара Шега кхойкхучарна, массарна уллохь ву Веза Эла. «Цундела Аса боху шуьга: дахаран дуьхьа юучунна, молучунна са ма гатде. Шайн дегІан дуьхьа духарна а са ма гатде. Шун дахар юучул дезах ду шуна, ткъа дегІ духарал дезах ду. Хьовсал стигаларчу олхазаршка! Цара хІумма дІа а ца йоь, хьакха а ца хьокху, ялташ чу а ца дерзадо. Амма стигалахь волчу шун Дас уьш кхобу. Шун дахар олхазарийнчул а дораха ду теша? Я шуьга цу тайпана сагатдарца шайн дахар цхьана сахьтана дахдалийталур ду теша? Бедар бахьана долуш са хІунда гатдо аша? Хьажал аренгахь тІедолуш долчу петІамат-зезагашка. Цара цхьа а тайпана къа а ца хьоьгу я шайна бедарш а ца тоьгу. Амма Ас боху шуьга, ур-атталла шен хьолан возаллехь Сулим-паччахь а ца кечлора цу зезагех муьлхха а санна. Иштта эрна арахь тІедолуш долу зезагаш а Дала цу тайпана кечдеш хилча, кхана уьш цІергахь догур доллушехь, шу кхин а чІогІа кечдийр ма ду, Делах кІезиг тешаш дерш. Цундела кест-кестта: „Оха хІун юур ю теша?“, я: „ХІун мер ю теша?“, я: „ХІун тІеюхур ю теша?“ – бохуш, шайн са ма гатде. Цу тайпана сагатдо кхечу къаьмнех болчу наха. Ткъа шун стигалахь шайн Да ву, шуна мел оьшург хаа а хууш. Уггар хьалха Делан Олалла а, Цуьнан лаам а лаха. Важа дерриг а Дала шуна лур ду. Кханенна сагатдеш ойла ма е – цуьнан шен Да ву. ХІора де а шен гІайгІа яхьаш догІу».
К Филиппийцам
1 2 3 4
Выбор основного перевода