Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
К Филиппийцам
1 2 3 4
Параллельные места
Со кемсийн таьлланг ю, ткъа шу гаьннаш ду. Муьлххачо а ша Соьца волчо а, Со шеца волчо а шортта стоьмаш кхиор бу. Со воцуш шуьга хІумма а далур дац. Ткъа Везачу Эло соьга элира: «Тоьар ду хьуна Соьгара долу дика, хІунда аьлча Сан ницкъ хьан гІорасизаллехула кхоччуш гучубоккху». Суна чохь Дала леррина Къобалвинчун ницкъ хилийтархьама, сайн гІорасизаллех долу дозаллаш совдохур ду аса. Дала леррина Къобалвинчун дуьхьа иза хиларна, со реза ву сайн гІорасизаллина а, со дола хетарна а, халонашна а, суна тІаьхьабовларна а, цатемашна а, хІунда аьлча со гІорасиза волччу хенахь сан ницкъ а хуьлу.
К Филиппийцам
1 2 3 4
Выбор основного перевода