Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4
Параллельные места
СагІанаш а, совгІаташ а ца дийзира Хьуна, Сан лергаш дІадиллира Ахь. Дийнаташ дагоран сагІанаш Хьуна ца тайра, къинойх долу сагІанаш Ахь ца дийхира. ТІаккха ас элира: «Хьажахьа, со кийча ву, товрат-хьехамийн тептар тІехь суна лерина яздина ду. Хьан лаам кхочушбан лууш ву со, сан Дела! Хьан товрат-хьехамаш сан даг чохь лаьтта». Царна жимма дехьа а ваьлла, бертал а воьжна, доІа дира Цо: «Сан Дада! Йиш елахь, и баланийн къаьхьа кад Суна уллохула тІехбаккхахьара Ахь! Делахь а, иза Сан лаамца доцуш, Хьан лаамца хуьлийла».
Выбор основного перевода