Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6
Параллельные места
Іийсас элира цуьнга: «Нагахь стагана Со везахь, цо Сан дош лардийр ду. Сан Дена иза везар ву, ткъа Вай и волчу а гІур ду, ваьшна хІусам а йийр ю цигахь. Иза иштта хир а ду, нагахь санна шайн тешар тІехь шеконаш а йоцуш, чІагІ а делла, шу латтахь а, шайна хезначу хазачу кхоо луш болчу сатийсамах аша шаьш дІа ца хадийтахь а. Стигал кІел болчу массаьрга а дІахазийтинчу оцу хазачу кхоан ялхо хилира сох, ПахІалах. Шайн тешаран орамаш Цунах дІа а тасий, Цуьнца цхьаьна хьалакхиалаш. Шайна хьехначу тешарехь чІагІлолаш. Баркаллех дуьззина хилалаш.
Выбор основного перевода