Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6
Параллельные места
Дуьне а кхоллале, вай Іийсагахула къастийна дара Цо, Шена хьалха вай цІена а, деза а хилийтархьама. Шена вай деза дела, Ша леррина Къобалвинчуьнгахула Дала вай Шен долахь хилийта хаьржира. Массо а хІума Шен лаамца а, сацамца а кхочушдеш Волчо, Шен Іалашоне хьаьжжина, билгалдаьккхинера иза иштта. Дала кІелхьардаьхна вай. Цо Шена тІекхайкхина вай, Шен долахь дерш вайх хилийтархьама. Вай дина гІуллакхаш бахьана долуш ца дина Дала иза, амма Шен Іалашо а, дика а бахьана долуш дина. Хенаш а кхоллале, Ша леррина къобалвинчу Іийсагахула вайна делла дара Цуьнан мах боцу дика.
Выбор основного перевода