Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Хаза хьожа йогІу уггар тоьлла хІуманаш схьаэца: шийтта герка коча деза даьтта а, цуьнан ахбарам я ялх герка хаза хьожа йолу корица а, ялх герка хаза хьожа йолу эрз а, шийтта герка кассия-диттах даьккхина даьтта а, ялхитта кад зайтдаьтта а. Оцу дерригенах а тІедуттуш долу а, духІиш кечдаран пхьеро эдинарг санна долу а деза даьтта кечде. Иза къобалваран деза даьтта хир ду. Везачу Эло Мусага элира: «Хаза хьожа йогІу сегІазаш схьаэца: стакти а, оних а, халван а, цІена ливан а цІе йолу хІуманаш. Ерриг а цхьана барамехь хила еза. Хаза хьожа йогІу а, духІиш кечдаран пхьеро эдинарг санна долу а сегІаз кечде цу хІуманех. Цу чу туьха таса, иза цІена а, деза а хилийтархьама.
Выбор основного перевода