«Акацих хаза хьожа йогІу хІума яго кхерч бе.
Иза беакІов хила беза, цхьа дол беха а, цхьа дол шуьйра а, ши дол лекха а болуш. Кхерчан еа маьІІехь маІаш хила еза, кхерчаца цхьаьнахоттаелла а йолуш.
ЦІена деши лаца цунна тІехула а, гонах а, маІашна тІе а. Кхерчана гонах дашо сара лаца.
Серана кІелахь цуьнан шинна а агІор деших ши чІуг е, вукху агІор а е иштта ши чІуг. Кхерч лело хьокхий чекхдаха деза цу чІагарех.
Хьокхий а акацих де, тІехула деши а лоцуш.