Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Акацин дечигах тІорказ де. Иза ши дол ахдол деха а, цхьа дол ахдол шуьйра а, цхьа дол ахдол лекха а хила деза. Чухула а, тІехула а цІена деши лаца цунна. ТІорказна тІехула, цунна гонах, дашо сара лаца. ТІорказна йиъ дашо чІуг а яй, беа когахь дІачІагІъе уьш: шиъ цхьана агІор, шиъ вукху агІор. Акацих хьокхий а дай, тІехула деши лаца царна. Хьокхий тІорказан агІонашкахь йолчу чІагарех чекхдаха, цаьрца иза леладархьама. ЧІагарех чекхдаьхна а долуш, гуттар а тІорказца хила деза хьокхий. Царна чуьра уьш дІадаха ца могуьйту. ТІорказ чу Ас хьайга лун йолу экъанаш яхка, шуьца Ас бинчу бертан тоьшалла хилийтархьама. Дала къинош дІадоху негІар а де цІеначу деших. Иза ши дол ахдол деха а, цхьа дол ахдол шуьйра а хила деза. Туьйсинчу деших негІарца цхьаьна ши каруб-малик де, уьш негІарна тІехь шина агІор хила деза. Цхьа каруб-малик цхьана агІор, важа вукху агІор а долуш, и шиъ негІарца дийнна цхьа хІума хила деза. Хьалаайинчу тІемашца негІар дІа а хьулдеш, дуьхь-дуьхьал а, негІарна тІедирзина а хир ду и каруб-маликаш.
Выбор основного перевода