Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нагахь къу кара ца вахь, лулахочо, Далла хьалха а веана, шега еллачу хІуманашна ша тІе ца кхевдина аьлла, чІагІо ян еза. Шина стагана юкъахь муьлхха а хІуманах лаьцна – я старах, я вирах, я уьстагІах, я бедарх, я яйначу хІуманах – къовсам белахь, и гІуллакх Далла хьалха дахьа деза. Дала бехке винчо шен довхочунна шалха мах бала беза. Далла а ма ле, халкъана тІехь хІиттийначу хьаькамашна неІалт а ма кхайкхаде.
Выбор основного перевода