Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Амма нагахь санна цхьаъ вукхуьнан мостагІа а хилла, иза лар а вина, цунна тІе а кхетта, иза вен а вийна, царах цхьана гІала дІавадахь, тІаккха цуьнан гІаларчу къаноша, иза цигара схьалаца цунна тІаьхьа нах бахийта беза. И стаг чІир йоькхучу нехан кара дІавала веза, иза валийтархьама. Сулим-паччахьо динчух лаьцна Йоабана а хезира, хІунда аьлча иза а вара Абушаламехьа а воцуш, Адан-ЯхІугахьа бевллачарна юкъахь. ТІаккха цо, ведда Везачу Элан Четар чу а ваьлла, сагІа доккхучу кхерчан маІаш схьалецира. Йоаб, ведда вахана, Везачу Элан четар чохь, сагІа доккхучу кхерчан маІаш а лаьцна, лаьтташ ву аьлла, Сулим-паччахье дІахаийтира. ТІаккха Сулим-паччахьо ЯхІу-ЯдаІан кІант БенъяхІу хьажийра цига, – «ГІой, Йоаб виэ», – аьлла. БенъяхІус, Везачу Элан четарна чу а ваьлла, Йоабе элира: «Паччахьо аравала боху хьоьга!» Вукхо жоп делира: «ХІан-хІа, суна кхузахь вала лаьа». БенъяхІус паччахье дІадийцира Йоаба шега аьлларг. ТІаккха паччахьо БенъяхІуга омра дира: «Цо боххург дей, вен а вей, дІаволла иза. Иштта со а, сан ден тІаьхье а паргІатъер ю Йоабера баьллачу бехках, хІунда аьлча цо бехк боцучу нехан цІий Іанийна. Сан дена Даудана ца хууш, шел дуккха гІоле а, дог цІена а волу, цхьа а бехк боцу ши стаг, тур тоьхна, вийнера цо. Уьш бара исраилхойн эскаран хьаькам хилла волу Неран кІант Абунар, яхІудхойн эскаран хьаькам хилла волу ИтІаран кІант Іамасаъ. Церан Іаьнна цІий Йоабан коьрта тІе а, цуьнан тІаьхьенна тІе а дужийла абаденналц. Ткъа Даудана а, цуьнан тІаьхьенна а, цуьнан цІенна а, цуьнан паччахьаллина а Везачу Элера маршо хуьлийла абаденналц!» ТІаккха ЯхІу-ЯдаІан кІанта БенъяхІус вахана Йоаб вийра. Иза шен цІерачу яьссачу аренгахь дІавоьллира. Вай, бакъдолчух дерг а хиъна, къинош ма-луъу летош хилча, къинах даккха сагІа кхин ма ца дуьсу вайн.
Выбор основного перевода