Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
оцу гІаланашна юкъара шайна цхьаерш стагана дІалачкъа гІаланаш санна харжа. Ларамаза стаг вийнарг цига дІавада мега. И гІаланаш бекхам лоьхучух дІалачкъа йиш йолу меттигаш хир ю, стаг вийнарг халкъана хьалха кхел ечу хенал хьалха ца вейтархьама. Ткъа аша оцу гІуллакхна лерина схьакъастийнарг ялх гІала хила еза. Кхо гІала Йордан-хил сехьа, важа кхоъ КанаІан-махкахь билгалъяккха. Уьш хила еза лурбоьлла нах ловчкъуш йолу гІаланаш. Исраилан халкъана а, тІевеанчунна а, тІе а веана, шуна юкъахь вехаш волчунна а лерина хила еза уьш. Ларамаза стаг вийна хІорра а бекхам лоьхучух дІалачкъа цига дІавада тарло. Нагахь цхьаммо адам даллал чІогІа цунна тІе аьчка хІума тохахь, иза адам дойург лору. И стаг вен везаш ма ву! Нагахь, цхьаннан карахь адам ден а тарлуш болу тІулг а хилла, цо адам даллал чІогІа тІе тІулг тохахь, иза адам дийнарг лору. И стаг вен везаш ма ву! Нагахь, адам ден а тарлуш йолу дечиган хІума карахь а йолуш, стаг валлал чІогІа цхьаммо тохахь, иза адам дийнарг лору. И стаг вен везаш ма ву! ЧІир йоькхуш волчун шен а бакъо ю и стаг вен. И стаг шена дуьхьалкхетча, цо иза вуьйр ву. Нагахь стаг валлал чІогІа цхьаммо иза дІатеттинехь я вен дагахь цунна тІе хІума кхоьссинехь, я нагахь, шен цхьана стагаца мостагІалла долу дела, иза валлал цунна тІе куьг тохахь, и стаг вен везаш ву – иза адам дийнарг лору. И стаг шена дуьхьалкхетча, чІир йоькхуш волчо иза вуьйр ву. Амма нагахь цхьаммо шен мостагІалла доццушехь, цхьаъ дІататтахь я дагахь а доцуш цунна тІе цхьа хІума тІекхоссахь, я нагахь цу стагаца шен мостагІалла а доццушехь, цунна зуламехь дерг дан а ца луъушехь, и стаг ган а ца гуш, адам лийр долу тІулг цунна тІе цо божабахь, иза вала там бу. ТІаккха хІокху сацамашка хьаьжжина, стаг вийначунна а, цІий Іанорна чІир йоькхуш волчунна а юкъахь дерг гуламо къасто деза. Стаг вийнарг халкъо чІир йоькхуш волчух кІелхьарваккха а веза, иза дІалечкъина хиллачу гІала юхаверзо а веза. Иза цигахь вита веза, деза зайтдаьтта а хьаькхна, къобалвина волу динан коьрта да дІакхалххалц. ТІаккха шун Везачу Дала шуна дІалуш долчу шайн лаьттана юккъехь шайна кхо гІала дІакъастае. Шайн Везачу Дала шайн дола луш долчу лаьттах кхо дакъа а де, хІора декъа чохь дІакъастийна йолчу гІалина тІедоьлху некъаш а де, адам дийна волчу муьлххачу а стеган цига дІавада аьтто хилийтархьама. Шен са кІелхьардаккхархьама, оцу гІаланех цхьаьнга ведда волчу адам дийначу стагах лаьцна долу весет иштта ду. И санна волчу стага ларамаза шена уллораниг вийна хила веза, велларг валале хьалха цуьнца мостагІалла а доцуш. Масала шух шиъ хьуьнах вогІу дечиг даккха, ткъа дитт хадо хьалхарчу стага диг хьалаайича, оцу дагаро, даганна тІера а даьлла, шолгІачу стагана тІе а кхетта, иза вен тарло. ДІалочкъийла йолчу гІаланех цхьанхьа дІавада мегар ду адам дийна волу иштта стаг, дийна висархьама. И гІаланаш кхоъ ца хилча, некъ беха хиларна чІир йоькхучо, ша оьгІазвахханчохь, стаг вийначунна тІаьхьа а ваьлла, цунна тІе а кхаьчна, иза вен тарло. Делахь а, оцу стагана вен кхел ца йогІу, иза хьалха оцу веллачуьнца мостагІалла долуш ца хилла дела. Цундела дина ас хІара омра: „Шайна кхо гІала дІакъастае“, – аьлла. Шун Везачу Дала, шун дайшна ваІда ма-дарра, шун долахь болу мохк алсамбаьккхича, шун дайшка Ша йинчу чІагІоне хьаьжжина, Цо дерриге а латта шуна дІаделча, кхин а кхо гІала дІакъастае. (Дала и латта лур ду шуна, нагахь санна тахана ас тІедуьллуш долу хІара дерриге а весеташ аша леррина кхочушдахь – нагахь санна шун Веза Дела шуна везахь, шаьш мел деха Цуьнан некъашца шу лелахь.) Шун Везачу Дала, шун дайшна ваІда ма-дарра, шун долахь болу мохк алсамбаьккхича, шун дайшка Ша йинчу чІагІоне хьаьжжина, Цо дерриге а латта шуна дІаделча, кхин а кхо гІала дІакъастае. (Дала и латта лур ду шуна, нагахь санна тахана ас тІедуьллуш долу хІара дерриге а весеташ аша леррина кхочушдахь – нагахь санна шун Веза Дела шуна везахь, шаьш мел деха Цуьнан некъашца шу лелахь.) Иза делаш шун Везачу Дала шун дола лур долчу шайн лаьттана юккъехь бехк боцучу стеган цІий ца Іанадайтархьама а, шуна тІехь цІий ца хилийтархьама а. «ДІаала исраилхошка: „Стагана дІалачкъа гІаланаш харжа шайна, Мусагахула Ас шуьга ма-аллара.
Выбор основного перевода