Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
И дешнаш хезча, Муса, ведда, Мадани цІе йолчу махка дІавахара. Цигахь, тІевеана стаг а хилла, ваха охьахиира иза. Ши кІант а вира цунна цигахь. Адам шен зудчух Хьавах а кхетта, церан кхин а цхьа кІант хилира. Цунна ШатІа аьлла цІе тиллира (иза Іебархойн маттахь «схьавелларг» бохург ду). «Дала кхин цхьа кІант схьавелла суна. Кхаима Хьабул вийра, ткъа хІинца сан ШатІа а ву», – элира Хьавас. Хьалахьаьжначу цунна гира гена воццуш хьалха лаьтта кхо стаг. Уьш а гина, дуьхьалведда, лохха царна хьалха охьатаьІира ИбрахІим.
Выбор основного перевода