Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Исраилхошна эскарца шайна тІевогІу пирІун гира. Кхера а белла, Везачу Эле кхайкхира уьш. Везачу Эло Мусага элира: «Ас стигалара охьа ялта доуьйтур ду шуна. Нахе, ара а бовлий, хІора дийнахь шайна цхьана денна тоъал иза гулде ала. Айса тІедиллинарг цара кхочушдой хьожуш, уьш зуьйр бу Ас. Мусас халкъе элира: «Кхера ма кхера. Дела шу зен а, Шега болчу ларамах шу дуьзна а долуш, шуьга къа ца латадайта а веана ву». Дагахь латтабелаш, яьссачу аренгахула хІокху шовзткъа шарахь шун Везачу Дала шуьга байтина болу массо а некъ. Цо шуьга и некъ байтина, шайн кІезигаллина шу къардалийтархьама а, шу зерхьама а, шун даг чохь хІун ду хаархьама а. Цунна хаа лаьара, аша Шен весеташ лардийр дуйла я доцийла. Цо шуна яьссачу аренгахь манна олу кхача баабора, шуна а, шун дайшна а хІун ю а хиъна йоцу, шайн кІезигаллина шу къардалийтархьама а, шу зерхьама а, тІаьхьа шуна дика дархьама а, Исраилан халкъ зерхьама, Аса и къаьмнаш шаьш долчохь дуьтур ду. Со хьожур ву Везачу Эло шайна гайтинчу некъа тІехула дІадаха и къам доьналла долуш дуйла, шайн дай ма-хиллара». Цхьадолу къаьмнаш цу лаьтта тІехь а дитина, цкъа а канаІанхойн махкахь тІом база болу исраилхой зен лууш хилла Веза Эла. И къаьмнаш дитина хилла цаьргахула исраилхой зерхьама, цара Везачу Эло Мусагахула шайна тІедиллинарг кхочушдойла хьожуш. ЭлишаІ хин коьрте тІевахара. Оцу хи чу туьха а тесна, цо элира: «Иштта боху Везачу Эло: „Аса хІара хи цІандина. ХІинца чул тІаьхьа кхин хир дац кху хинехула я валар, я зударий остабовлар“». ЭлишаІа элира: «Дама схьадал». Цо иза ена чу тесира. ТІаккха цо элира: «ХІинца чорпа дІаяийта нахе». Иштта цхьа а зе ца дира нахана цара йиинчу хІумано. Хьайн де доьхча, Соьга кхайкха. Ас хьо кІелхьарвоккхур ву, ахьа Сан сий дийр ду». Цу лаьттахь Хьан халкъ дехаш дІахІоьттира, Хьайн диканца мискачунна оьшург латтийра Ахь, Дела. Баланехь долу шу Соьга кхайкхича, Аса шу кІелхьардехира. Ткъесан мархина юккъера схьа Ас шуна жоп делира. Мерибан хиш долчохь Ас шу зийра.
Выбор основного перевода