Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ПирІуно элира: «Кхана». ТІаккха Мусас элира: «Ахь ма-аллара хир ду, тхан Веза Дела саннарг цхьа а воцийла хьуна хаийта. „Сан хьалдолу Эла, Ахь схьагайта долийна Хьайн ялхо волчу суна Хьайн сийлалла а, ондалла а. Кхин муьлха Дела ву стигалшкахь я лаьтта тІехь Ахь деш долу гІуллакхаш а, тамашийна хІуманаш а далуш? Хьо воккха ву, сан Хьалдолу Эла. Хьоьца нисван цхьа а стаг а вац, Хьо воцург Дела а вац, тхайн лергашна тхуна схьа-ма-хаззара. элира: «Ва Исраилан халкъан Веза Дела, вац Хьох тера волу Дела я лакхахь стигалшкахь, я лахахь лаьтта тІехь! Вайна юкъахь болу барт лар а беш, цунна Хьо тешаме хуьлу доггах Хьайна тІаьхьа хІоьттинчу Хьайн лешна. Везачу Элах кхоьруш дерш! Хастамаш бе Цунна. Якъубан дерриг а хІу! Сийде Цуьнан. Исраилан ерриг а тІаьхье! Цунна хьалха ларамах юьзна хила. Хастам бу Везачу Далла, Исраилан халкъан Далла! Веккъа Иза ву тамашийна гІуллакхаш кхуллург. Хьо тамашийна гІуллакхаш деш волу Дела ву, Хьайн ницкъ къаьмнашна юкъахь гойтуш а ву. Деланашна юкъахь Хьо саннарг вац, Хьалдолу Эла, Хьайнаш санна гІуллакхаш а дац. Вовшашка кхойкхуш, бохура цара: «Веза ву, веза ву, веза ву массо а ницкъийн Веза Эла! Дерриг а латта Цуьнан сийлаллех дуьзна ду!» Веза Эла, вац Хьоьца нислур волуш цхьа а! Хьо сийлахь-воккха ву, Хьан цІе а ю еза Хьан нуьцкъалаллица! Цу деъа а дийнатан хІораннан а гонах ялх-ялх тІам бара, ткъа царна чуьра схьакъегаш бІаьргаш бара. Цара, дийнаххьий, буьйсанний, сацам а боцуш, кхойкхура: «Веза ву, веза ву, веза ву Веза Эла, хилла волу а, волуш волу а, вогІун волу а массо ницкъийн Веза Дела», – бохуш.
Выбор основного перевода