Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Со хьан ден Дела ву, ИбрахІиман а, Исхьакхан а, Якъубан а Дела». Мусас шен юьхь дІакъевлира, хІунда аьлча иза кхоьрура Деле хьажа. Кхин а элира Дала Мусага: «Иштта ала исраилхошка: „Везачу Эло, шун дайн Дала, ИбрахІиман а, Исхьакхан а, Якъубан а Дала, ваийтина со шуна тІе“. Иза ю Сан цІе абадехь, цу цІарца хьахор ву Со тІейогІучу тІаьхьенаша. Ваха а гІой, исраилхойн къаной а гулбай, ала: „Везачу Эло, шун дайн Дала, ИбрахІиман а, Исхьакхан а, Якъубан а Дала, суна Ша гайта а гайтина, элира соьга: ‘Шу долчу веача, Суна гира Мисар-махкахь шуна хуьлуш дерг. Дийна ву Веза Эла! Декъала хуьлда сан Тарх! Веза воккха хуьлда сан чІагІо волу, со кІелхьарвоккху Дела. Дела, сан ницкъ! Хьо хастор ву ас, хІунда аьлча Хьо сан гІап а, со везаш волу Дела а ма ву. Вазвейша вайн Веза Дела, Цуьнан когийн кІелонна хьалха Іибадат дейша, Дела веза ма ву! Веза Эла сан ницкъ бу, Цуьнан дуьхьа ас йиш локху, Цо со кІелхьарваьккхина дела. Дела ву тхо кІелхьардоккхург, Цунах тхо тешна Іаш ду, тхо ца кхоьру цхьана а хІуманах, хІунда аьлча Веза Эла тхан ницкъ бу, Цуьнан дуьхьа оха илли олу, Цо тхо кІелхьардаьхна дела.
Выбор основного перевода