Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ткъа шаьш дуьнен чу даьхна Тарх йицйира цара. Шаьш кхоьллина волу Дела дага ца вогІура царна. Исраилан къам хьекъалх даьлла халкъ ду, цаьрга хІуманаш къаста а ца ло. Ненан кийрано а иза вицво, цунах нІаьнийн даар а хуьлу, цхьанна а иза дага а ца вогІу, дитт санна, кагло къинош летийнарг. Старана шен да вевза, вирана шен хІусамден хьаьвда девза, ткъа исраилхошна Со ца вевза, Сан халкъ ца кхета». Якъубан тІаьхье, хьо кхоьллинчу а, Исраилан халкъ, хьо дІанисдинчу а Везачу Эло хІинца иштта боху: «Ма кхера – Ас мах баларца паргІатдаьккхина халкъ ду хьо. Хьан цІе а йоккхуш, Ас схьакхайкхина хьоьга – Хьо Сан ду. Юхаверзаве хІорра а Сан цІарца воьзнарг, Сан сий айархьама Ас кхоьллина волу а, Сайн куьйгашца Ас вина а, кеп елла а волу а». Хьо кхоьллинчу а, ненан кийрахь долуш дуьйна хьо дІанисдинчу а Везачу Эло иштта боху, ткъа Цо хьуна гІо дийр ду: „Кхера ма кхера, Сан ялхо йолу Якъубан тІаьхье, ма кхера, Ас хаьржина долу Сан хьоме халкъ. Везачу Эло боху: «Дагахь латтаде иза, ва Якъубан тІаьхье, ва Исраилан халкъ, хьо Сан ялхо хиларна. Ас кхоьллина хьо, хьо Сан ялхо ду. Ва Исраил, Суна цкъа а дицлур дац хьо. Хьан ПаргІатдоккхург а, ненан кийрахь долуш дуьйна хьо дІанисдинчу а Везачу Эло иштта боху: «Дерриг а хІума кхоьллина волу Веза Эла ву Со. Ас-Айса дІасаяржийна стигалш, Сайн ницкъаца латта а дІадаржийна. „ЛадогІа, Іовдал, кхетам боцу къам. Шун бІаьргаш ду, амма шуна хІумма а ца го, шун лергаш ду, амма шуна хІумма а ца хеза. Олхазаршна а хаьа шаьш схьадахка деза хан а, шаьш дІадаха деза зама а: аистна а, къоркхокханна а, чІегІардигна а, гІаргІулина а. Амма хьуна, Сан халкъ, ца хаьа Аса хьайна тІедиллинарг.
Выбор основного перевода