Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дерриге а латта, силам а, туьха а шена тІехь долу, цІе яьлла аре хилла дІахІуттур ду. Цунна тІехь ялта дІадуьйр а дац, ялта кхиор а дац. Цу тІехь цхьа а тайпа буц а хьалаер яц. Иза хир ду Везачу Эло Шен чІогІачу дераллица йохийна йолчу Седам а, Іамор а, Удам а, Цхьабайма а олу гІаланашна хилларг санна. Аренгара акха варраш санна, кхача а лоьхуш, шайн болх кхочушбан арабовлу уьш. Яьссачу арено царна а, церан берашна а кхача ло. Токхечу лаьттах Цо дуьра аре йо, цу тІехь дехаш долчу адамийн волла. Хьо акха виркхел санна ю, яьссачу аренгахь Іан Іемина йолу, шен хьайна хиларехь мерІуьргашца хІаваъ муьйлуш йолу. Хьаьнга юхаозалур ю иза, сел чІогІа лууш хилча? Иза оьшуш мел йолчу виро ша кІадъян ца еза – оре еанчу хенахь иза атта карор ю. Иза яьссачу аренгахь йолу колл санна хир ву. Диканиг хилча а, цунна иза гур дац. Яьссачу аренгара екъачу меттигашкахь а, адамаш ца дехачу лаьттахь а Іийр ву иза. Исраилан халкъ Ашур-махка дІадахара. Виркхело шена лоьхуш йолу акха вир санна, Эпрайма совгІаташ дарца безаргаш шегахьа бохура.
Выбор основного перевода