Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шайн махкана тІелеттачу мостагІчунна дуьхьал тІамца шу доьлхучу хенахь, орца доккхуш, турба лакха. ТІаккха шайн Везачу Далла дагадогІур ду шу, Цо шу мостагІех кІелхьардохур ду. Исраилхойн динан дайшка, тІе а кхайкхина, Нунин кІанта ЮшаІа элира: «Бартбаран тІорказ дІахьо. ВорхІ динан дас ворхІ маІа хьо, Везачу Элан тІорказна хьалха а яккхий». Ас цІе хьажор ю Рабба-гІалин пенашна тІе. Цо хІаллакйийр ю гІалин гІепаш: тІом дІабоьдучу дийнахь – маьхьаршца, йилбазмох болчу дийнахь – йилбазмехаца. Муаби-махкана тІе цІе хьажор ю Ас, цо хІаллакйийр ю Кхиръют-гІалин гІепаш, тІаккха Муаби-мохк хІаллакьхир бу. И бохам хуьлучу хенахь тІеман гІовгІа хир ю, коьман маІан аз а хир ду хезаш.
Выбор основного перевода