Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха лаьттан поппарх адам кхоьллира Везачу Дала, цунна чу са а дуьллуш, ткъа и адам денделира. лур ду Ас хьуна ахьа доьххург. Ас лур ду хьуна хьекъаллий, кхетаммий, кхин хьо саннарг хьол хьалха цкъа а ца хиллачу тайпана а, кхин хІинца чул тІаьхьа хьо саннарг хир а воцучу тайпана а. ХІордан йистера гІум йолччул боккха кхетам а, шортта хьекъалалла а деллера Дала Сулим-паччахьна. суна чохь садеІар дІадаллалц, сан мерІуьргашкахь Делан са мел ду, Со Делан Сино кхоьллина, Нуьцкъалчун Іаьнаро суна дахар ло. Нагахь Цо Шен дог даийтича, Шен са а, садеІар а Цо юхадаьккхича, лаьттарчу акхаройл а тхан кхетам алсамбаьккхинарг, стигаларчу олхазарел а тхан хьекъал совдаьккхинарг?“ Мархашна хьекъалалла хьан делла, дохк муха хила деза, хьан кхетам белла? ХІунда аьлча Везачу Эло хьекъалалла а ло, хаар а, кхетам а Цуьнан багахула ара а болу. Везачу Элан Са цунна тІехь Іийр ду. Оцу Сино цунна хьекъал а, кхетам а лур бу, Цо хьехам а, ницкъ а лур бу, Цуьнгахула цунна Веза Эла вевзар а ву, Цунна хьалха ларамах вуьзна а хир ву. Цу веа а къонахчунна массо а тайпана тептарех кхетар а, Іилма хаар а, хьекъал а делира Дала. Ткъа Даниална, цул совнаха, гина гІенаш а, самах дуьхьалхІуьтту суьрташ а тида хаар делира. Ахь хуьйцу-кх хенаш а, заманаш а, дІа а боху, хІитта а бо паччахьаш. Ахь кхетам болчарна кхетамалла ло, хьекъал долчарна хьекъалалла ло. Амма шуна юкъахь цхьанна хьекъалалла ца тоахь, цо иза Деле деха деза. Ша луш дерг атта а, бехкаш ца дохуш а луш волчу Цо иза массарна а лур ду.
Выбор основного перевода