Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха аса сайга элира: «Вицвийр ву аса Веза Эла, бийр бац аса Цуьнан цІарах хаамаш». Амма сан кийрахь Цуьнан дош, цІе санна, догура, сан даьІахкашкахь дІахьулйина цІе санна, иза летара. Со хІоьттинера иза сайгахь сецо гІерташ, соьга иза кхин сеца а ца лора. Ткъа со Везачу Элан Синах, бакъдолчух а, чІагІонах а вуьззина ву Якъубан тІаьхьене цуьнан зуламаш а, Исраилан халкъе цуьнан къинош а дІадийцархьама. Македонера Сали а, Тимапи а схьавеача, ПахІала шен ерриг а хан хьехамаш беш дІахьора. Цо тоьшалла дора жуьгташна хьалха, Дала леррина Къобалвинарг Іийса ву бохуш.
Выбор основного перевода