Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Талхаран меттиго а, Іожалло а боху: «Тхан лере цунах хабар бен ца кхаьчна». Иза массо а хІаллакдеш йолу цІе хир яра. Ас къа мел хьегнарг дакъазадоккхур дара. Со стигала хьалаваьлча – цигахь а Хьо ма ву. Эхарте со кхаьчча – цигахь а Хьо ма ву. Нагахь: «Бодано хьулвойла со», я: «Суна гонах йолчу серлонах бода хуьлийла», – ас аьлча а, Эхартахь а, хІаллакьхиллачийн дуьненахь а дерг Везачу Элана хууш хилча, адамийн дегнашна чохь дерг а къайлаха дац Цунна. Лахахь долу эхарт карзахдаьлла, хьуна, цига лаха хью ваьлча, дуьхьалхІоттархьама. Хьуна лерина, цо беллачийн синош самадаьхна – дуьнен тІехь баьччанаш хилла болчийн синош. Кхечу къаьмнийн паччахьаш хилларш шайн гІанташ тІера гІиттийна цо. Чохь са долу хІума цхьа а яц Делах къайлаяьлла, дерриг а ша ма-дарра схьадиллина ду Цуьнан бІаьргашна хьалха. Цунна жоп лур ду вай. Бух боцучу Іинан малик цу цІазан паччахь дара. Іебархойн маттахь цуьнан цІе Абаден-малик яра, ткъа грекийн маттахь Аполлиан яра (иза «хІаллакьхуьлуьйтург» бохург ду).
Выбор основного перевода