Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Лаьттан кийрара хиш аралилхинчу хенахь хІордана хьалхара кевнаш дІа хьан къевлина? Ас, духар санна, цунна тІе мархаш ехкира, буькъачу боданна юккъе иза дІа а хьарчош. Ас иштта хІордана доза а къастийра, цунна хьалха догІа тухуш йолу кевнан неІарш а хІиттош. Ас цуьнга элира: „ХІокху метте кхаччалц схьабогІур бу хьо, амма кхузара сехьайовла йиш яц хьан курачу тулгІенийн“. Серло ехачу метте муха кхочур ву, мичахь ду бода чохь Іаш долу цІа? Уьш хила безачу метте дІабигалур буй хьоьга? Шайн хІусамашка уьш юхадерзоран некъаш девзий хьуна? Муха кхача веза шена тІера стелахаьштигаш дІасаяьржаш йолчу меттиге я малхбалехьара мох лаьтта тІехула дІасадаьржаш йолчу меттиге? Цо стигал шен метта дІахІотточу хенахь, со цигахь дара, Цо анайистана горга сиз а хьаькхна, боккха хІорд кхуллучу хенахь а, Ша омра динччул бен хьала а ца бузуш, Цо хІордана шен йистош лучу хенахь а, лаьттан бух дІахІоттийначу хенахь а, со цигахь дара. Сох кхоьруш хила ца деза те шу? – боху Везачу Эло. – Суна хьалха дегош хила ца деза те шу? ХІордана гонах гІамаран доза дІахІоттийнарг Со ву шуна! ХІорд оцу дозанал тІехбаьлла цкъа а дІасабаржийта мегар дац. ТулгІенаш хин йистах мел еттаяларх, церан дозанал уьш араевр яц. ТулгІенаш мел карзахйовларх, цу хин йистал уьш арайовлалур яц“.
Выбор основного перевода