Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Мусас хІорда тІехула куьг лаьцча, Везачу Эло малхбалера чІогІа мох хьакхийтира. Буьйса чекхъяллалц хьекхначу мохо, хІорд дІаса а бекъабалийтина, латта дакъийра. Дала Шен оьгІазалла сацор яц, хІордан саьрмик болчу РахІабан гІоьнчий а Цуьнан куьйгашна кІел охьатаІийра. Ахьа олалла до карзахбаьллачу хІордана тІехь: цуьнан тулгІенаш хьалаюьйллушехь, Ахь уьш совцайо. Ахь ца бакъийна хІорд, йоккхачу кІоргаллин хиш, хІордан бухахула некъ а буьллуш, кІелхьарбевлларш цунна тІехула дехьабовлийта? Со Веза Эла, хьан Дела, ву. Ас хІорд ловзабоккху, цуьнан тулгІенашка гІовгІа а йойтуш. Сан цІе массо а ницкъийн Веза Эла ю! Иштта боху Везачу Эло: «Аса малх дийнахь схьакхоьтуьйту, ткъа беттаса а, седарчий а буса схьакхоьтуьйту. ТулгІенаш чІогІа гІоьргІуьйтуш, хІорд карзахболуьйту Аса, Сан цІе – массо а ницкъийн Веза Эла ю. ТІаккха Цо хаьттира цаьрга: «Мичахь ду шун тешар?» Кхерабелла, цецбевлла вовшашка хоьттуш бара уьш: «Мила ву Иза? Цо хине а, мохе а омра до, цара ладугІу Цуьнга».
Выбор основного перевода