Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Яьссачу шерачу аренгахь йолу Бацар-гІала раабанхошна лерина яра, ГалІад-махкахь йолу Рамат-гІала гадахошна лерина яра, ткъа Башан-махкахь йолу Голан-гІала маннашхошна лерина яра. ГІиршанан тІаьхьенах болчу левихошна елира хІара гІаланаш: Маннашан ах тІаьхьено елира лурбоьлла нах ловчкъуш йолу Голан-гІала а, цуьнан аренаш а. И гІала Башан олучу меттехь яра. Цул сов, цара елира БаІаш-Тара-гІала а, цуьнан аренаш а. Ерриг а ши гІала. Раабанан тайпано елира Бацар-гІала а, цуьнан аренаш а, ЯхІац-гІала а, цуьнан аренаш а, Гадин тайпанах болчу наха елира гІаланаш: ГалІад-махкахь йолу, шена чохь лурбоьлла нах дІаловчкъу Рамат-гІала а, цуьнан аренаш а, Махьанайм а, цуьнан аренаш а. Исраилхойн паччахьо шен ялхошка элира: «Шуна хаьий ГалІад-махкахь йолу Рамат-гІала вайн юйла? Ткъа вай дуккха а хенахь дуьйна, дист а ца хуьлуш, арамхойн паччахьан карара иза схьа а ца йоккхуш, Іаш ду».
Выбор основного перевода