Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эле Епунин кІант Килаб декъалвар а дехна, Килабе дола дайта Хьеврон-гІала дІаелира ЮшаІа. Хьеврон хІинца а кхеназхо волчу Епунин кІентан Килабан тІаьхьенна дакъа хилла йисна, хІунда аьлча иза исраилхойн Везачу Дала бохучунна тІера ца ваьллера. Хьевронан цІе хьалха Кхиръят-АрбаІ хилла. (АрбаІ цІе йолуш Іаьнакхахойн тІаьхьенашна юкъахь цхьа сийлахь стаг хилла.) Цул тІаьхьа тІамах садаьІира лаьтто. Кхиръят-АрбаІ цІе йолу гІала а, цунна гонахара аренаш а елира. (Іаьнакхан ден АрбаІан цІарах яра и гІала. Иза ЯхІудан гу тІехь яра, кхин цІе а яра цуьнан – Хьеврон). Иштта динан ден АхІаронан кІенташна елира лурбоьлла нах ловчкъу гІала – Хьеврон а, гІала Либна а, цу шина гІалина уллора аренаш а. Эпрайман лам тІехь йолу Шехем-гІала а, цуьнан аренаш а кхечира царна. И гІала лурбоьлла нах шена чохь дІаловчкъуш яра. Цул сов, ГІазар-гІала а, цуьнан аренаш а елира царна. Напталан тайпано елира гІаланаш: лурбоьлла нах ловчкъуш йолу Галилай-махкара Кхедаш а, цуьнан аренаш а, Хьамут-Дор а, цуьнан аренаш а, Кхартан а, цуьнан аренаш а. Кхо гІала елира цара. Напталан тайпанан лаьттара царна еллера Галилай-махкара Кхедаш-гІала а, Хьамун-гІала а, Кхиръятим-гІала а, царна гонахара дежийлаш а. Масех де даьлча, Марем сихонца ЯхІуд-мехкан ламанца йолчу цхьана юьрта яхара.
Выбор основного перевода