Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
И гІаланаш бекхам лоьхучух дІалачкъа йиш йолу меттигаш хир ю, стаг вийнарг халкъана хьалха кхел ечу хенал хьалха ца вейтархьама. ТІаккха хІокху сацамашка хьаьжжина, стаг вийначунна а, цІий Іанорна чІир йоькхуш волчунна а юкъахь дерг гуламо къасто деза. Стаг вийнарг халкъо чІир йоькхуш волчух кІелхьарваккха а веза, иза дІалечкъина хиллачу гІала юхаверзо а веза. Иза цигахь вита веза, деза зайтдаьтта а хьаькхна, къобалвина волу динан коьрта да дІакхалххалц. Стаг вийнарг, ша лурвоьлла ведда веанчу гІалин дозанашкахула араваьллехь, иза чІир йоькхучунна цу гІалина арахьа дуьхьалкхета мега. Ткъа чІир йоькхуш волчо и стаг вийча, цунна тІехь цІий Іаноран бехк хир бац. ХІунда аьлча и стаг вийнарг ша къайлаваьллачу цу гІалахь Іан везаш вара, динан коьрта да дІакхалххалц. Ткъа динан коьрта да дІакхелхича, адам дийна волу стаг ша ваьхначу метте юхаверза мегар ду. ХІара тІедехкина парзаш шуна хир ду, миччанхьа шу дехаш хилахь а, шун массо а тІаьхьенашна. Стаг мел вийнарг тешаша динчу тоьшаллица бен вен ца веза. Амма стаг вен кхел ярхьама, теш цхьаъ хилла Іан ца веза. Адам дерна бехке волчун дахарх кхаьънаш ма эца. Адам дойург вен везаш ма ву. Нагахь стаг дІалочкъийла йолчу гІала дІаведдехь, динан коьрта да дІакхалхале иза шен махка верза а, цигахь Іан а могуьйтуш, цуьнгара кхаьънаш ма эца. Шаьш тІехь дехаш долу латта цу тайпана бех ма де, хІунда аьлча цІий Іаноро латта бехдо. ЦІий Іанийначун цІий Іанадаро бен шена тІехь цІий Іанийна долчу лаьттан къа дІа ца доккху. Шена тІехь Со Іаш а волуш, шу дехаш долу латта аша бех ма делаш, хІунда аьлча Веза Эла волу Со исраилхошна юкъахь Іаш ву“».
Выбор основного перевода