Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10
Параллельные места
ТІаккха Набухди-Нецар-паччахьо Ярушалаймехь долчу Везачу Элан цІийнан хазни чохь мел йолу хІума а, паччахьан кертара мехала мел йолу хІума а дІаяьхьира. Везачу Эло аьлла ма-хиллара, хьалха исраилхойн паччахь хиллачу Сулима Везачу Элан цІенна лерина яйтина хилла йолу массо а дашо хІуманаш дІаяьхьира Бавел-мехкан паччахьо. Цара иштта дІадаьхьира тесаш а, белаш а, тукарш а, хаза хьожа йогІу хІума чуюьллу кедаш а Везачу Элана лерина гІуллакх дечу хенахь лелош хилла йолу цІастанах йина мел йолу пхьегІаш а. Везачу Элан цІа чуьра пхьегІийн цхьа дакъа цо Бавел-гІала дІадаьхьира. Набухди-Нецара шен динан цІа чу охьаехкира уьш. Набухди-Нецара, Ярушалаймехь долчу Делан цІа чуьра ара а яьхна, Бавелехь долчу деланийн цІа чу яьхьна йолу дешин а, детин а пхьегІаш, Къуреша, юха а Бавелехь долчу деланийн цІа чуьра ара а яьхна, ЯхІудан мехкада хІоттийна волчу Шишбацаре дІаелира. Делан цІенна чуьра йолу дашо а, дато а пхьегІаш, Набухди-Нецара Ярушалаймехь долчу Делан цІа чуьра схьа а эцна, Бавел-гІала дІаяьхьна йолу, шайн метте Ярушалаймехь долчу Делан цІа чу юхаерзо еза. Царах йолу хІора хІума Делан цІа чу шайн-шайн метте охьайилла еза». ТІаккха Хьалдолчу Эло цуьнан кара вахийтира ЯхІуд-мехкан паччахь волу ЯхІу-Якхам. ЯхІу-Якхам-паччахь а, кхин дІадигна долу адамаш а Набухди-Нецара ШанІар-махкара шен делан цІа чу дІадигийтира. Ткъа Ярушалайм-гІалара Делан цІа чуьра цхьайолу еза хІуманаш, шен дола а яьхна, шайн делан цІа чуьра хазнина тІе дІаяхьийтира цо.
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10
Выбор основного перевода