Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10
Параллельные места
Къуреш-паччахьах боху Ас: „Иза Сан Іу ву. Цо Сан лаам кхочушбийр бу. Ярушалаймах цо эр ду: ‘ЮхаметтахІоттае и гІала!’ Делан цІийнах эр ду цо: ‘Цуьнан бух дІахІоттабе!’“» Паччахь хила Ша къобалвинчу а, цуьнга халкъаш карадерзадайта а, паччахьашна тІера гІаьгІнаш схьадахийта а, хьалха неІарш схьаеллаялийта а, кевнаш дІа ца къовладалийта а цуьнан аьтту куьг Ша схьалаьцначу а Къуреше иштта боху Везачу Эло: Со ву латта кхоьллинарг, цунна тІехь адам а Ас кхоьллина. Сайн куьйгашца стигалш дІасаяржийна Ас. Малх а, бутт а, седарчий а Сан омрица лелаш ду. Къуреш карзахваьккхинарг Со ма ву, цуьнгахула нийсо кхочушъяйтархьама. Дерриг а цуьнан некъаш нисдийр ду Ас. Цо Сан гІала юхаметтахІоттор ю, йийсаре дІадигна Сан халкъ паргІатдер ду, цунах мах я совгІаташ а ца луш», – боху массо а ницкъийн Везачу Эло.
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10
Выбор основного перевода