Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10
Параллельные места
Парсихойн паччахь волчу Къуреша паччахьалла дечу хьалхарчу шарахь, Ша Ярми-ЯхІугахула ваІда динарг кхочушдархьама, Везачу Эло Къурешан са карзахдаьккхира цхьа сацам дІаязбан а, ткъа и сацам ерриг а цуьнан пачхьалкхехула дІасакхайкхабайта а: «Иштта боху парсихойн паччахь волчу Къуреша: стигалийн Дела волчу Везачу Эло дуьненан ерриг а пачхьалкхаш схьаелира суна, ткъа Цо тІедиллина суна, ЯхІуд-махкахь йолчу Ярушалаймехь Шена цІа де аьлла. Шуна юкъахь Везачу Элан халкъах мел болчаьрга Аса боху: шун Дела шуьца а хуьлийла, шу Ярушалайме а гІойла». Амма ша паччахьалла дечу хьалхарчу шарахь Бавелан паччахь волчу Къуреша леррина омра дира, Делан цІа юхаметтахІоттаде аьлла. Кхузткъе итт шо дІадаьллачул тІаьхьа Аса Бавелан паччахьна а, цуьнан къомана а таІзар дийр ду, цара летийна къинош бахьана долуш, – боху Везачу Эло. – Хашадхойн мохк гуттаренна а бассор бу Аса. Аса хир бу аьлла болу а, массо а къаьмнашна дуьхьал Ярми-ЯхІус дІакхайкхийна болу а, оцу тептар тІехь дІаязбина болу а массо а бохамаш бийр бу Аса оцу махкана. Иштта боху Везачу Эло: „Шу Бавелехь долу кхузткъе итт шо кхаьчначул тІаьхьа Со шун аьтто бан хьожур а ву, Айса шух лаьцна аьлла долу дешнаш кхочуш а дийр ду, шу хІокху метте схьа а дерзош. Цо паччахьалла дечу хьалхарчу шарахь Делан Йозанаш толлуш хьесап дича, со, Даниал, Везачу Эло Ярми-ЯхІу-пайхамаре Ярушалайм-гІала кхузткъе итт шарахь бохам хилла лаьттар ю аьллачу хенах кхийтира.
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10
Выбор основного перевода