Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ткъа левихоша шаьш совца беза меттиг тоьшаллин четарна гонах билгалъяккха еза, исраилхошна тІехь оьгІазалла ца хилийтархьама. Левихой оцу четарна уллохь ха деш лаьттар бу». Делан четар, вовшах а даьккхина, дІадахьа кечдира. Гуттар а шаьш ма-даххьара, ГІиршанан а, Мерарин а тІаьхьенех болчу наха дІадаьхьира иза. Царал тІаьхьа КхахІатан тІаьхьенах болу нах дІабахара. Делан четарна кІел хІоттош долу дерриг а деза хІума дара цара шайца дІахьош. Уьш керла меттамотт болчу дІакхачале, четар цигахь дІахІоттийнера.
Выбор основного перевода