Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло Мусаца юьхь-дуьхьал къамел дора, цхьаммо шен доттагІчуьнца деш санна. Юха Муса шайн меттамотт болчу схьавогІура, ткъа цуьнан гІоьнча, Нунин кІант ЮшаІ, гуламан четарна уллора цкъа а дІа ца волура. Везачу Эло жоп делира: «Хьуна хьалхахула Сайн сийлаллин нур чекхдоккхур ду Ас, хьуна хьалха ЯхІува боху Сайн цІе а кхайкхор ю, къинхетам бан луучух къинхетам а бийр бу, къахета луучух къа а хетар ду». Юха элира Цо: «Сан юьхь хьуна ган мегар дац, иза гина стаг дийна вуьсур вац». Кхин а Везачу Эло элира: «Суна уллохь цхьа меттиг ю хьуна, кху тарха тІе дІахІотта. Сан сийлаллин нур чекхдолучу хенахь Ас, тархан иккхинчу юккъе а хІоттийна, Сайн куьйгаца къайлавоккхур ву хьо, Со тІехваллалц. Ас куьг хьалаайича, хьуна Со тІехьара гур ву, амма хьуна Сан юьхь гур яц». Муса Везачу Элаца къамел дан гуламан четар чу ваьлча, тоьшаллин тІорказна тІехь долчу шина каруб-маликана юккъехь, Дала къинош дІадохучу негІарна тІехула аз хезара цунна. Цигара Веза Эла Мусага вистхуьлура. Везачу Элана юьхь-дуьхьал вевзаш хилла волу Муса санна, кхин пайхамар ца хилира исраилхойн.
Выбор основного перевода