Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ерриг а хенахь, цунна тІехь цамгар мел ю, иза цІена вац. Иза дІакъаьстина Іан веза». «Исраилхошна тІедилла чкъураца дІа ца йоьрзу цамгар ерш а, дегІах тІуналла схьаяьлларш а, веллачух хьакхабаларна Далла гергахь бехбелларш а берриге а шайна юкъара дІалахкар. Иштта цІена боцурш – божарий я зударий уьш белахь а – меттаматтана юьстах арабаха, Со шуна юкъахь Іаш волу шайн меттамотт цаьрга бех ца байтархьама». цуьнан несо, цунна тІе а яхана, къаношна а гуш, цуьнан когара цуьнан мача схьа а яьккхина, цуьнан юьхь тІе туйнаш а тоьхна, иштта ала деза: „Иштта дерг Исраилан къомана юкъахь шен вешин цІа меттахІотто лууш воцчунна до“.
Выбор основного перевода