Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Динан дас иза толлур ву. Нагахь дегІа тІера йистина меттиг кІайн елахь, ткъа дестаро чоьш кІайдинехь, ткъа дестар долчохь гуш жижиг а делахь, Дагадаийталаш шайн Везачу Дала шу Мисар-махкара арадевлла догІучу хенахь Маремана динарг. ХІинца дуьйна НаІаманан хилла йолу чкъуран цамгар хьуна а, хьан тІаьхьенна а тІехь хир ю массо а ханна». Оцу чкъуран цамгаро ло санна кІайвина, аравелира ГІайхьази ЭлишаІ волчуьра. Везачу Эло Іузи-ЯхІу-паччахьна дІа ца йоьрзу чкъуран цамгар кхетийтира. Иза велла дІаваллалц и цамгар цунна тІехь лаьттира. Цундела иза къаьстина лаьтташ долчу цІа чохь Іаш вара. Ткъа паччахьан кІанта Йовтама паччахьан цІенна тІехь хьаькамалла а дора, мехкан халкъана тІехь урхалла а дора.
Выбор основного перевода